Svoboda | Graniru | BBC Russia | Golosameriki | Facebook
Transfiguration pending
Чулацаман тӀегӀо

Марха досту Ӏийд

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Мархин Ӏид тӀера хьажжина кхуза)
Марха досту Ӏийд
Ӏаьр. عيد الفطر‎‎
Истмалера Султанахмет маьждиг
Истмалера Султанахмет маьждиг
Тайпа исламан
МаьӀна Беза Рамазан бутт чекхбалар
ХӀоттийнарг Мухьаммад пайхамар ﷺ
Даздо бусалбанаша
Терахь 1 шаввал
2024 шарахь 10 апрель
Даздар маьждигехь
Доьзна ду Рамазан беттан марханаш чекхдовларца
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Марха досту Ӏийд (Ӏаьр. عِيدُ الْفِطْرِ‎‎ Ӏийдул-ФитӀр) йа марха досту де — иза исламан дезде ду. Иза шаввал беттан хьалхарчу дийнахь нисло, цу дийнахь бусалбанаша рамазан беттан марханаш кхабар чекхдаккхар даздо. Иза бусалбанийн дезачу шина Ӏийданах цхьаъ ду, ткъа важа ГӀурбанан Ӏийд ду, иза зул-хьижжат беттан итталгӀачу дийнахь нисло, хьаж дечу денойх цхьаъ а ду иза. Исламехь бусалбанаша дуьххьарлера Марха досту Ӏийд даздина хӀижрин шолгӀачу шарахь, цу шарахь дуьххьара Рамазан беттан марханаш кхаьбначул тӀаьхьа[1]. Марха достучу Ӏийданан денойх хьалхарчу дийнахь марха кхабар хьарам ду.

ШарӀехь цуьнан хан цхьа де бен дац. Цуьнан хан дӀайолало рамазан беттан тӀаьххьарчу дийнахь малх чубузучу хенахь, ткъа иза чекхйолу шаввал беттан хьалхарчу дийнахь малх чубузучу хенахь.

  1. أول عيد فطر في الإسلام (Ӏаьр.). www.islamweb.net. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 24 август.