Svoboda | Graniru | BBC Russia | Golosameriki | Facebook
Чулацаман тӀегӀо

Асида

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Асида
Компоненташ
Коьрта кӀен дама, налха йа моз
Медиафайлаш Викилармехь Асида

Асида (Ӏарб.:عصيدة ‘aṣīdah) — кӀен демах дина ламастан Ӏаьрбийн даар, наггахь тӀетуху налха йа моз. Наггахь берам туху цестина жижигах, томатах, сарамсекхах, йетта шурех бина[1]. Даар чӀогӀа даьржина ду Ливехь, Тунисехь, Суданехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь, Яманехь. Асида йуу куьйгашца.

Налха тоьхна Асида

Иза дукха хьолахь хьалха дуьллу динан Ӏиданашкахь, масала Мавлид а, Мархан а, ткъа иштта диначу беран ворхӀ де кхочуш акъикъатан а[2].

Дан атта а, амма токхе а даар, кхин цуьнца хӀумма а ца ло, Ӏуьйрен хьалха дуьллу, ткъа иштта доьзалхо винчу зудчуьнга а дууьйту[2].

«Асида» Ӏаьрбийн дош ду, иза даьлла عصد («asad») орамах, иза гочдича «хьийзо» бохург ду.

ДӀайаздинчех уггаре хьалхарчех асидан цхьа рецепт карийна итталгӀачу бӀешеран Ӏаьрбийн Ибн Сайяра аль-Варракъан дааран «Китаб аль-Шаби» (Ӏаьр. كتاب الطبيخ‎‎) цӀе йолчу жайнахь[3][4] It was described as a thick pudding of dates cooked with clarified butter (samn)[5].

Асида хьахийна XIII бӀешарахь испанин-бусалбанийн йуургийн жайнахь. Хууш ду, XIII—XIV бӀешерашкахь лаьмнашкара Эр-Рифехь кӀен демах ца дорий, ткъа лелабора кхаьрзина мукх. XV бӀешеран гергахь тоха долийра арганан даьтта, иза йаздина Ӏаьрбийн географо Африкин Лоьмас (1465-1550 гергга), бусалба нахана вевза Хьасан аль-Вазан цӀарца[2]. Французийн Ӏилманчо Максим Родинсона дийцарехь, асида дара акха Ӏаьрбийн исламал хьалхарчу муьрера мискачу нехан даар[2].

Ливехь асида йуу башха мерза хурманийн йа маӀан диттан шатӀца йа мозца.

Тунисехь и даар охьадуьллу моз а, даьтта а иэдой цхьаьна, йа кӀуо томатийн берамца. КӀуо берам дукхах дерг сарахь ло, ткъа моз, даьттан иэдар - хьалха. Ассида кхин а дуу хурман шатӀца Тунисан къилбехьа.

Йоккхачу цӀеран тӀе йалгӀу хӀоттадо, тӀаккха тӀе кхехка хи дутту. Меллаша буьйнахь тӀе буьртигахь кӀа духку, тӀаккха сиха кегадо боккхачу оьрзан Ӏайгаца, гӀорзолгаш ца хилийтархьама. Иза йух-йуха до иэдар дукъдаллалц. Йуург ечо охьадуьллу йалгӀу лаьтта, шен когара тударкаш довхачу йалгӀун гонаха а хьовзадой, сихха бод кего волало. ТӀаьххьара, даьтта хьаькхна куьйгашца, бовха Ӏаьнарбаьккхина бод кепа туху, тӀаккха буьллу шуьйрачу дечиган кеда.

Наггахь асидан йукъахь ор доккху тӀе бовхачу чили бурчаца йа хелбица томатан берам бутту, берамах туху липпар, чам-буц, саьрмасекх. УьстагӀан йа котаман жижиган дакъош охьадутту асидан гуонаха. ТӀаккха довха а долуш охьадуьллу.

Асида иштта кечдан таро йу кӀайн. Цул сов, мо злело мега чорпан а, чилин йа хельбан меттана.

Ассида (Ӏаьр. عصيدة‎‎) коьртачех даар ду Яманехь, хьалха дуьллу дукхах дерг делкъена а, пхьорана а. Иза деш леладо дийна буьртигаш болу кӀа, кхехкаш долу хи, оьшшучул туьхьа.

Дукха хьолахь охьадуьллу кхехкаш доллушехь, дуу куьйгашца йа Ӏайгашца.

Асида алсама дуу делкъехь а, мархин баттахь а.

ХӀиндонези

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ХӀиндонезехь азида каро тарло Молуккан гӀайренаш тӀаьхь. И даар кхаьчна кхуза Ӏаьрбийн кухни чуьра. Алсама дуу мархин баттахь.

Суданехь даар дуу томатан берамца.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Поедим… в Рамадане
  2. 1 2 3 4 Famous Everyday Dishes from the Medieval Arab World
  3. Al‑Warrāq's, Ibn Sayyār. annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook authors / Ibn Sayyār Al‑Warrāq's, Nawal Nasrallah. — Brill, 2007. — P. 97.
  4. Al‑Warrāq, Ibn Sayyār; Nasrallah, Nawal annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook. books. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 август.
  5. Al‑Warrāq's, Ibn Sayyār. annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook authors / Ibn Sayyār Al‑Warrāq's, Nawal Nasrallah. — Brill, 2007. — P. 97,98.
  • Barnard, Hans (2008-07-04), Eastern desert ware : traces of the inhabitants of the eastern desert in Egypt and Sudan during the 4th-6th centuries CE, Faculty of Archaeology, Leiden University, hdl:1887/12929

Арахьара хьажоргаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]