Svoboda | Graniru | BBC Russia | Golosameriki | Facebook
Чулацаман тӀегӀо

БерцанӀов

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
БерцанӀов галин чохь

БерцанӀо́в — кенан чкъоьргех цӀанйина, берцан (Panicum) культурин кепех йоккху Ӏов.

ХӀинца йоккху йеккъа шарйина берцанӀов, иза чкъоьргех, зезаган чӀурамах, зӀийдигех, жима алейронан чкъоьрах цӀанбина берцан хӀоъ бу. БерцанӀевнан бос хийцало сирла-можучунна тӀера къегина-можачунна тӀекхаччалц.

Токхонан хьелаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

ЦӀанбар бахьнехь буьртигехь хӀоъ бен ца буьсу — йерриг чкъоьргаш а, зӀийдиг а шардаран балхо дӀайоху. Иза бахьнехь берцанӀевнан мелла а къен химин хӀоттам бу, хӀунда аьлча цхьаьнакхетарийн а, хӀуманийн а ладаме дакъа долу буьртиган чкъоьршашкахь.

БерцанӀевнан йукъахь белок дикка лакхара йу, цуьнан барамца иза бустало кӀенца — йозаллин барамца 11 % гергга. Амма, берцанӀевнан белокан лакхара биологин мах бац, триптофан а, лизин а, метионин а кӀезиг хиларна.

Йуккъера хӀоттам Кёниган хаамашца:

ЦӀанбанза.
буьртиг
БерцанӀов
Хи 10,66 10,97
Азотан
цхьаьнакхетарш
9,29 10,82
Мохь 3,50 5,46
Шекар 1,33 1,19
Декстрин 3,51 7,16
Крахмал 61,09 59,40
Клетчатка 7,29 2,64
Овкъарш 2,35 2,36

БерцанӀевн йукъахь йу организман оьшу макро-, микродакъолгаш: эчиг, фтор, магний, марганец, кремний, цӀеста, кальций, калий, цинк. Овкъаршкахь билгалдаьлла кӀезиг калий а, алсама кремний а ду.

БерцанӀевнца кхин а алсама ду витамина, башха алсама B1, B2, B5, PP.

Липидаш берцанӀевн йукъахь кхечаьрца дуьстича дукха йу, уьш къаьста дуьзина доцу хьена мусталлаш хиларца (90 % кхаччалц), алсама ду олеинан а, линолан а. уьш хиларо Ӏов латторан хенаш охьайоху, хӀунда аьлча уьш сихха къахьло.

Лелор[бӀаьра нисйан | нисйан]

БерцанӀов деманна лела а цайо ала мегар ду, ткъа лелайо, коьртаниг, Ӏевнан кепара хударна, йаттаршна, пудингашна, кулешашна, атаршна[1]. Кхехкийча берцанӀов шорло 4 тӀера 6-7-зза, ткъа худар дика чам а, бос а, консистенци а йолуш, кхин а дегӀах дика дулуш хуьлу[2]. Брокгаузан а, Ефронан а энциклопеди дошамца, «даалуш могашаллин кхача бу, бепиг санна, хӀора дийнахь диича а кӀордор доцуш»[3].

БерцанӀевнах кхин а йо чуьппалгаш.

Йекъа шарйина берцанӀов шуьйра лелайо зӀакардаьхьнийн фабрикашкахь 12 сахьтехь инкубаторера бройлерийн кӀорнийн транспортировка йеш, ткъа иштта уьш кхиоран хьалхара сахьташкахь йуьззина ражан гранулийн ийна докъарах тухург санна[4].

Берцан Ӏов кхиош лело борц, деа тайпанна боькъу. Уггаре мехала лору кӀайн йа беда-можа чкъор долу буьртигаш долу сорт, кхин а цӀен бесара зезаган чкъоьраш долу цхьацца сорташ а. Чкъор 20 % сов хила йиш йац.

Буьртиган консистенци ладаме технологин хьесап ду. Ангали кепара берцан сортийн амалехь ду лакхара чӀогӀалла, туьлуш а, шардеш а декъало. Уггаре дика технологин хьелаш ду гоьрга кеп йолу даккхийра а, нисдина а буьртиг болу берцан сортан. Тодеш гӀоле хета 13,5-14,5,% тӀуналла йолу борц. 13 % лахара тӀуналла хилча Ӏов кӀезиг йала тарло буьртигаш декъадаларна.

Сорташ[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дикаллин гайтамашца берцанӀов йоькъу лакхара, хьалхара, шолгӀа, кхоалгӀа сорташка. Лакхара сортан берцанӀевнан йукъахь дика хӀоъ бу — 99,2 % сов; 1-ра — 98,7 %; 2-гӀа — 98 %[1].

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. 1 2 Казанцева Н. С. Товароведение продовольственных товаров. М.: Дашков и Ко, 2007. — 400 с.
  2. Елисеева Л.Г. (ред.) Товароведение однородных групп продовольственных товаров. Учебник для бакалавров / Л.Г. Елисеева, Т.Г. Родина, А.В. Рыжакова и др. — М.: Дашков и К°, 2014. — 930 с.
  3. Пшено // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Епимахова Е.э, Александрова Т.с. Эффект первого кормового фактора при выращивании цыплят-бройлеров // Сельскохозяйственный журнал. — 2014. — Т. 3, вып. 7. — ISSN 0372-3054. Архивйина 2021  шеран  8 январехь.