Мария Тереза Бурбон-Неаполан
Мария Тереза Каролина (итал. Maria Teresa Carolina di Borbone-Napoli; 1772 шеран 6 июнь[1][2], Неаполь — 1807 шеран 13 апрель[1][2], Вена) — Неаполан а, Сицилин а принцесса, маре йахча Сийлахь Руман империн император-аьзни, цул тӀаьхьа Австрин император-аьзни.
Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]
Неаполан а, Сицилин а паччахьан Фердинанд I а, Мария Каролина Австрин а йоккхаха йолу йоьӀан цӀе тиллира ненаненан Мария Терезиян цӀарах.
1790 шеран 15 сентябрехь Мария Тереза Франц Австрин (1768—1835) маре йаханчул тӀаьхьа ши шо даьлча майрех Сийлахь Руман империн император хилира. 1804 шарахь Франц II-гӀачо австрин императоран дарж тӀеэцначл тӀаьхьа, Мария Терезех хилира хьалхара австрин император-аьзни. Мария Тереза йара Франц II-гӀачун еаннах шолгӀа зуда, цуо бен цунна бераш а ца дира.
1806 шеран Ӏай император-аьзни цомгаш хилира пардох хьу кхетта. Цуьнан могушаллин хьал оьшуш дара хенал хьалха бер хилар бахьнехь. Мария Терезас Амалия Тереза цӀе йолу йоӀ йира, амма йинчул тӀаьхьа дукха ца йехира. ЙоӀ йелира ненал ши де тӀаьхьа.
Мария Тереза дӀайоьллина императоран къуббехь Венехь.
Бераш[бӀаьра нисйан | нисйан]
Франц II-гӀачун а, Мария Терезин а кхойтта берех дийна дисира:
- Мария Луиза (1791—1847), хьалхара маре Наполеон Бонапарте, шолгӀа маре граф Нейпперге, кхоалгӀа граф Бомбеле;
- Фердинанд I (1793—1875), Австрин император;
- Мария Леопольдина (1797—1826), марехь хилла Бразилин императорехь Педру I-чуьнгахь;
- Мария Клементина (1798—1881), марехь хилла шен ненан вешехь Салернон принцехь Леопольдехь;
- Мария Каролина (1801—1832), марехь хилла Саксонин принцехь Фридрих Августехь II;
- Франц Карлан (1802—1878) зуда хилла София Баварин;
- Мария Анна (1804—1858), марехь йоцуш йелла.
Дай[бӀаьра нисйан | нисйан]
Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]
- ↑ 1 2 3 4 Lundy D. R. Maria Teresa Carolina Josephine di Borbone, Principessa delle Due Sicilie // The Peerage (инг.)
- ↑ 1 2 3 4 Wurzbach D. C. v. Habsburg, Maria Theresia von Neapel (нем.) // Biographisches Lexikon des Kaiserthums Oesterreich: enthaltend die Lebensskizzen der denkwürdigen Personen, welche seit 1750 in den österreichischen Kronländern geboren wurden oder darin gelebt und gewirkt haben — Wien: 1856. — Vol. 7. — S. 81.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Lundy D. R. The Peerage (инг.)